9
Сихха схьагулбира цу тайпана кехаташ яздеш болу паччахьан ялхой. Иза дара кхоалгІачу Сиван-беттан ткъе кхоалгІа де. Цара, Мардахайс ма-аллара, кехаташ яздира жуьгташка а, Индина тІера Хуша-махкана тІекхаччалц долчу бІе ткъе ворхІ латтанан тхьамданашка а, куьйгалхошка а, баьччанашка а. И кехаташ массо а меттигехь Іаш долчу халкъийн маттахь а, церан йозанца а яздина дара, ткъа жуьгташка яздина долу кехаташ церан шайн маттахь а, церан абат тІера элпашца а яздина дара.