Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Веза Эла, Хьоьга кхочуш мила ву деланашна юкъахь? Хьо санна Шен возаллица а, хастам хилла а, инзаре хІуманаш кхуллург а мила ву? Цундела хаалаш, исраилхой, шун, Веза Дела бен, бакъволу Дела вац. Иза тешаме Дела ву, Цо Шен безаман барт ларбо Ша везачаьрца а, Шен весеташ кхочушдечаьрца а церан эзар тІаьхьенна тІекхаччалц. Везачу Элал веза цхьа а вац, Хьох тераниг дуьнен чохь а вац! Чхаро санна, адам Іалашдеш тхан Дела воцург цхьа а вац. Хьо воккха ву, сан Хьалдолу Эла. Хьоьца нисван цхьа а стаг а вац, Хьо воцург Дела а вац, тхайн лергашна тхуна схьа-ма-хаззара. ТІаккха сайн доІанехь аса дийхира: «Ва Веза Эла, стигалийн Дела, сийлахь а, нах ларамах бузуьйтуш а волу Дела. Хьайн весеташ кхочушдеш болчаьрца Айхьа бина барт ларбо Ахь! Хьо везаш волчарна Хьайн хедар боцу безам а ма гойту Ахь! Амма шу, Суна тІе а дирзина, Сан весеташ тІе а эцна, Аса бохург лардеш хилахь, шу дуьненан йисте дІаэккхийна хилча а, Аса, цигара а схьа а гулдина, Сайна Іибадат дайта а, Со шуьца Іан а Айса схьахаьржинчу метте схьадалор ду“. Деланашна юкъахь Хьо саннарг вац, Хьалдолу Эла, Хьайнаш санна гІуллакхаш а дац.
Выбор основного перевода