Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ткъа КхахІатан тІаьхьенах болчарна ца белира цо уьш, хІунда аьлча царна тІедиллина дара, уьш, меттах а бевлла, кхечу метте дІабоьлхучу хенахь четаран еза хІуманаш шайн белшаш тІехь дІаяхьар. ХІара товрат-хьехам, дІа а язбина, Везачу Элаца бинчу бертан тІорказ лелочу левихойх болчу динан дайшка а, исраилхойн массо а къаношка а дІабелира Мусас. Цара массаьрга а омра дира: «Шайн Везачу Делаца бинчу бертан тІорказ а, иза дІахьош болу левихойн динан дай а шайна гахь, хьала а гІовттий, царна тІаьххье дІагІо. Динан дайшка ЮшаІа элира: «Бартбаран тІорказ схьа а эций, халкъана хьалхадовла». Уьш, тІорказ схьа а эцна, халкъана хьалхабевлира. ТІаккха Исраилан халкъан Везачу Делан тІорказ схьадархьама, динан дай а, левихой а Далла хьалха цІанбелира. Везачу Эло Мусагахула тІе-ма-диллара, левихоша Делан тІорказ шайн белшашна тІедехкинчу хьокхашца дІадаьхьира.
Выбор основного перевода