Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Иза-х стигалшна – ур-атталла уггар лекхачу стигалшна а чу ца тарваллал ву. Цхьаннан а ницкъ кхочур буй те Цунна цІа дан? Со мила вара, Цо Шен цІа дан пурба суна даллал? И цІа – Цунна лерина сагІа доккху меттиг бен хир ма яц! Везачу Эло иштта боху: «Стигал Сан Іарш ю, ткъа латта Сан когийн кІело ю. Аша мичахь дийр ду Суна цІа? Сан садоІу меттиг а мичахь хир ю? ДІалачкъалур вуй стаг Суна ца гучу меттехь? – боху Везачу Эло. – Стигалахь я лаьттахь Со воцу меттиг ю ткъа? – боху Везачу Эло. – Цул тІаьхьа Мисар-махкахь кхин паччахь дІахІоьттира. Цунна Юсупах лаьцна хІумма а ца хаьара. Дуьне а, цу чохь дерг а кхоьллина волу, стигалан а, лаьттан а Эла волу Дела куьйга динчу цІенош чохь Іаш вац.
Выбор основного перевода