Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шаьш Везачу Элаца бина барт тІеязбина тептар, схьа а эцна, дийшира Мусас. Наха элира: «Везачу Эло аьлларг дерриг а деш, Цунна муьтІахь хир ду тхо». Кедаш чуьра цІий нахана тІе хьаьрсира Мусас. «ХІара Везачу Эло шуьца, дерриг а Шен дешнашка хьаьжжина, бинчу бертан цІий ду», – элира цо. НегІар тІорказна тІедилла. ТІорказ чу Ас хьайна лун йолу а, бертан тоьшаллина йолу а экъанаш яхка. ТІе парзаш яздина тІулгийн экъанаш тоьшаллин тІорказ чу а ехкина, тІорказан чІагарех хьокхий чекх а даьхна, негІар тІорказна тІедиллира Мусас. ДІадийца Хьариб-ломахь гуламехь шайн Везачу Далла хьалха шу лаьттинчу оцу дийнах лаьцна а. ХІетахь Везачу Эло соьга иштта элира: „Схьагулде Суна тІе халкъ, Ас Сайн дешнаш дІакхайкхор ду цаьрга. И дешнаш шайна дІахезча, кху лаьтта тІехь мел деха шаьш а, шайн бераш а Соьга ларамах дуьзна хила Іамор ду цара“. Цо шуна Шеца беш болчу бертан тІедожораш дІакхайкхийра, шайга кхочушдайта итт хьехам шуьга дІа а хоуьйтуш. Везачу Эло уьш тІулган шина экъанна тІе дІаязбира. «Оцу хенахь Везачу Эло соьга иштта элира: „Хьалха йиначарах тера а йолуш, тІулган керла экъанаш ага хьайна. Дечигах царна тІорказ а дай, Со волчу лам тІе хьалавала. Оцу экъанаш тІехь ахьа йохийначу шина экъанна тІехь хилла дешнаш яздийр ду Аса, ткъа ахь уьш тІорказ чу охьаяхка“. ТІаккха акаци олучу дечигах ас тІорказ а дира, хьалхалернаш санна йолу ши экъа а йира. И ши экъа карахь а йолуш, со лам тІе велира. Везачу Эло, Ша хьалха лам тІехь гуламан дийнахь цІеран юккъера схьааьлла болу итт хьехам оцу экъанаш тІе дІа а язбина, уьш соьга схьаелира. ТІаккха, лам тІера юха а вирзина, Везачу Эло сайна тІе-ма-диллара, айса динчу тІорказ чу ехкира аса и экъанаш. Уьш хІинцца а цигахь ю». Хаза хьожа йогІу хІума яго дашо кхерч а, гонах деши лаьцна бартбаран тІорказ а дара цу чохь. ТІорказна чохь кхачанийн буьртигаш чохь долу дашо пхьегІа а, маргІалш хецна хилла йолу АхІаронан Іаса а, бартбаран экъанаш а яра.
Выбор основного перевода