Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха Исраилан халкъан къаной а, исраилхойн тайпанийн а, гаранийн а, доьзалийн а берриг а баьччанаш а Ярушалайме шена тІекхайкхира Сулима, хьалха Цийон олуш хиллачу Даудан гІалара Везачу Элаца бинчу бертан тІорказ схьадаийтархьама. Иштта шеран ворхІалгІачу беттан дезачу деношкахь дерриг а Исраилан халкъ Сулим-паччахь волчу гулделира. Исраилхойн массо а къаной цига баьхкича, левихоша бертан тІорказ схьаийцира. Бертан тІорказ а, гуламан четар а, цу чохь мел хиллачу сийлаллин-езачу хІуманашца, схьа а эцна, дІадаьхьира динан дайша а, левихоша а. Ткъа Сулим-паччахь а, иштта иза волчу гулделла Исраилан дерриг халкъ а дезачу тІорказна хьалха лаьттара. Цара Далла лерина дийнатийн сагІанаш дохура. Далийна бежанаш а, жа а дукха хиларна дагар а ца далора. Динан дайша Везачу Элаца бинчу бертан тІорказ, схьа а деана, Делан цІийнан чухуларчу а, уггар а езачу чоьнна чохь шен метте, каруб-маликийн суьртийн тІемашна кІел, охьадиллира. Оцу маликийн суьртийн тІемаш цу тІорказна тІехула дІасадаржийна дара, цундела тІорказ а, цуьнан схьалоцу гІуркхаш а цара дІахьулдора. И гІуркхаш деха хиларна, церан юьхьигаш гучуйовлура езачу чоьнна чуьра уггар езачу чухуларчу чоьнна хьалха агІор. Амма арахула и юьхьигаш гуш яцара. Уьш тахханалц а цу чохь лаьтташ ю. Оцу дезачу тІорказ чохь, Мусас чуйиллина хилла йолу тІулган ши экъа йоцург, кхин хІумма а яцара. ТІулган и экъанаш Муса-пайхамаро цу чу ехкинера, Хьариб олучу меттигехь Везачу Эло Исраилан халкъаца барт а бина, иза Мисар-махкара арадаьккхинчул тІаьхьа. Делахь а, уьш эша а бина, Дауда Цийон олуш йолу гІап схьаяьккхина. ТІаьхьо цу гІопана, «Даудан гІала» аьлла, цІе тиллира. Дауд цу гІопа чохь ваха хиира, цуьнан цІе, «Даудан гІала» аьлла, тиллира. Цо гІалина гонах долчу лаьтта тІехь гІишлош дІахІиттийра. Цо Милло олучу гу тІера дуьйна дІахІиттийнера уьш. Везачу Элан тІорказ, схьа а деана, Дауда хІоттийначу Делан четар чохь охьадиллира. Везачу Элана хьалха Дауда дийнаташ дагоран а, бертан а сагІанаш дехира.
Выбор основного перевода