Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьан денош чекх а девлла, хьо хьан дай болчу дІакхелхинчул тІаьхьа, Аса хьан тІаьхьенах цхьаъ паччахь вина дІахІоттор ву, цуьнан паччахьалла чІагІ а дийр ду. Цо Суна лерина цІа дийр ду, ткъа Аса иза даим шен паччахьан даржехь чІагІвийр ву. ТІаккха гуламе гулбеллачу массарна а хьалха, Веза Эла декъалвеш, Дауд-паччахьо элира: «Азалера абаденналц декъала ву Хьо, Веза Эла, тхан ден Исраилан Дела. ШолгІачу Іуьйранна, хьалххе хьала а гІаьттина, гІалин куьйгалхой схьа а гулбина, Везачу Элан цІенна тІе вахара Хьузакх-ЯхІу-паччахь. Юха а левихойх болу ЮшаІ а, Кхадмиал а, Бани а, Хьашбин-ЯхІу а, Шараб-ЯхІу а, ХІуди-ЯхІу а, Шабни-ЯхІу а, Патахь-ЯхІу а къамелаш дан буьйлабелира. Цара бохура: «Хьала а гІовттий, шайн Везачу Далла хастамаш бан дуьйлало. Азалера дуьйна абадене кхаччалц хастамаш бе Цунна. Хьан сийлахь цІе адамаша хестайойла, иза массо а хастамел а, декъалаллел а лекха хуьлийла! Хастам бу Исраилан халкъан Везачу Далла азалехь дуьйна абаденналц! Массо а халкъо олийла: «Амин!» Хастам бу Везачу Элана! «Декъала хуьлда Эла, Исраилан халкъан Дела, ван а веана, Шен халкъ безачу мехах паргІатдаьккхина.
Выбор основного перевода