Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Элан олаллин нур Синай-лам тІе охьадоьссира. Ялх дийнахь лам тІехь марха лаьттира, ворхІалгІачу дийнахь Веза Эла Мусага кхайкхира мархи юкъара. Делан четарна гонах марха хІоьттира, ткъа цу гуламан четаран чоь Везачу Элан олаллин нуьро юьзира. Муса Делан четарна кІел ца вахалора, цунна гонах марха хиларна а, Везачу Элан олаллин нур цу гуламан четарна чохь хиларна а. Турба лоькхурш а, илланчаш а, цхьаъ болуш санна, эбина мукъам балош лаьттара, Везачу Элана хастамаш а беш, Цунна баркалла а бохуш. Турбанашца а, цІастанан жимачу негІаршца а, кхечу гІирсашца а цхьаьна айдинчу озаца цара Везачу Элана хастамаш бора: «Веза Эла ма дика ву! Цуьнан безам хедар боцуш бу!» Оццу юкъана Везачу Элан цІа мархах дуьзира. И марха бахьана долуш, динан дай шаьш гІуллакх дечохь латта а ца лора, Делан цІа Везачу Элан сийлаллин нуьрах дузарна. Сулим-паччахь доІа дина ваьлча, стигалара цІе йоьссира, сагІин кхерча тІера дагош долу сагІанаш а, кхидолу сагІанаш а Дала тІеийцира. Ткъа Везачу Элан ЦІа Цуьнан сийлаллин нуьро дуьзира. Везачу Элан ЦІа Цуьнан сийлаллин нуьро дузарна, динан дай Везачу Элан ЦІа чу ца бахалора. Каруб-маликаш Делан цІийнан къилберачу агІор лаьтташ дара, и стаг чкъургашна юккъе дІавахча. ТІаккха цхьана мархо цІийнан чухулара керт хьалаюьзира. Цул тІаьхьа каруб-маликашна тІехула йолу Везачу Элан сийлалла, хьалаайа а елла, неІсагІехьа дІайолаелира, тІаккха Делан цІа оцу мархах хьаладуьзира, ткъа ерриг а керт Везачу Элан сийлаллин нуьрах хьалаюьзира. ТІаккха со, Сино хьала а айина, чоьхьарчу керта ваьккхира. Суна гира, Везачу Элан сийлалло дерриг а Делан цІа хьаладуьзна хилар. ТІаккха Делан сийлаллин а, нуьцкъалаллин а кІуьрах дуьзира и Делан цІа. Ткъа оцу ворхІ малико беана ворхІ бала дІабаллалц, цхьанна а стеган цу цІа чу ваха йиш яцара.
Выбор основного перевода