Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ЧІагІлолаш, доьналла долуш хилалаш, царах кхера а ма лолаш, Іада а ма делаш, хІунда аьлча шун Веза Эла Ша хьалхавер ву шуна. Иза шух дІавоьрзур а вац, Цо шу дІатосур а дац». Хьан дахарехь хьуна дуьхьало ялуш цхьа а хир вац. Мусаца ма-хиллара, хир ву Со хьоьца а, хьох къаьстар а вац Со, хьо дІа а тосур вац Ас. Шен цІе ларъярхьама Везачу Эло Шен къам дІатесна дуьтур дац, хІунда аьлча Шен лаамца Цо, шу Шен къам ду аьлла, хаьржина. Вайна хаьа, Дала дерриге а диканна хуьлуьйту Ша везачеран дуьхьа – Шен лаамца Ша тІекхайкхинчеран дуьхьа. Ахчанна тІаьхьадовлий ма лела, шайн долчух тоам бе. Дала Ша ма-аьлла: «Ас цкъа а вуьтур вац хьо, хьох къаьстар а вац Со».
Выбор основного перевода