1
И хІума чекхдаьллачул тІаьхьа со волчу Исраилан куьйгалхой баьхкира. Цара элира: «Исраилан халкъана гонах канаІанхой а, хьетахой а, перезахой а, явсайхой а, Іамминхой а, муабахой а, мисархой а, эмархой а Іаш бу. Оцу къаьмнаша Далла хьалха дегаза гІуллакхаш леладо. Ткъа Исраилан халкъ, иштта динан дай а, левихой а, дІа ца къаьстира оцу къаьмнех а, цара лелочух а.