Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цо элира: «Веза Эла Синай-ломера схьавеана, СеІир-махкара халкъана тІе, сатасар санна, гучуваьлла, Иза Паран-ломара нахана тІе къегаш хилла. Вуно дукха маликаш дара Цуьнца цхьаьна, Цуьнан аьтту куьйгахь стелахаьштиг дара. ТІаккха ЭлишаІа, доІа а деш, элира: «Ва Веза Эла! Кхуьнан бІаьргаш схьаделлахьа, са гайтархьама». Везачу Эло оцу ялхочун бІаьргаш схьадиллира. ТІаккха цунна гира ЭлишаІана гонах лам цІеран дойх а, гІудалкхех а буьзна хилар. И летта йогу цІе Цуьнан хьалхāхула, доьду хи санна, арайолура. Багар а балур боцуш, эзарнашкахь дукха бара Цунна хьалхара гІуллакхаш дийраш. Эзарзза эзарнаш долу адамаш дара Цунна хьалха лаьтташ. ТІаккха кхел йийраш шайн болх боло охьахевшира, тептарш дІаделладелира. Цунна тиллина цІе маликашна тиллинчул лакхара хиллал, царал лакхара ву Иза.
Выбор основного перевода