Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Ас дІахьедина долу хІара дерриге а дешнаш – шу декъалдарх а, шуна неІалт кхайкхорах а лаьцна долу – кхочушхилча, шун Везачу Дала шу дІасадаржийначу халкъашна юкъахь аша уьш дагадаийтахь, шу а, шун бераш а доллучу дагца, доллучу синца шайн Везачу Далла тІе дерзахь, Цуьнан озе аша ладогІахь, тахана ас шуна тІе-ма-диллара, тІаккха шун Везачу Дала шун аьтто юхаметтахІоттор бу, шух а къинхетам бийр бу Цо. Шун Везачу Дала, массо а халкъашна юкъа дІасадаржийна долу шу, схьа а гулдина, цхьаьнатухур ду. Стигала йисте кхаччалц шу дІасадаржийна делахь а, цигара а схьагулдийр ду Цо, цигара а схьадалор ду. Везачу Дала шун дайн долахь хиллачу лаьтта тІе схьадалор ду шу. И латта шун дола дер ду. Цо шуна дика мел дерг а дийр ду, шун дайл а дукха шу доьбуьйтур а ду. Шун Везачу Дала шун а, шун тІаьхьенан а дегнаш тІера пардонаш дІахедор ду, шайн Веза Дела шуна доллучу дагца, доллучу синца везийтархьама а, шу дахийтархьама а. ТІаккха шун Везачу Дала дерриге а ас дІахьедина долу неІалташ шу дІалаьхкинчу шун мостагІашна а, шу цадезачарна а тІедерзор ду. Ткъа шу Везачу Элана тІе а доьрзур ду, аша Цуьнан озе ла а дугІур ду, ас тахана шайна тІедуьллуш долу дерриг а Цуьнан весеташ кхочуш а дийр ду. Шун Везачу Дала шун куьйгаша мел дечу гІуллакхашна тІехь а, шун кийрара а, шун хьайбанех а, шун лаьтта тІера а схьадаьллачунна тІехь а тІех дукха кхиамаш хуьлуьйтур бу. ХІунда аьлча Веза Эла, шуна дика а деш, шух юха а воккхавийр ву, шун дайх воккхавеш ма-хиллара. Амма Ахьа, Дела, уьш кІоргачу эхарта чу туьйсур бу. Адамийн цІий Іеночара а, мекарлонаш лелочара а шайна дуьнен чохь яккха еллачу хенан аххан а йоккхур яц. Ткъа со Хьох тешна Іаш хир ву. Цу дийнахь халкъашна тІехь кхел а йийр ю Цо. Ткъа латта декъех дузур ду Цо. Лаьттара массо баьччанаш а хІаллакбийр бу Цо.
Выбор основного перевода