Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Иштта, Исраилан халкъ кхерам боцуш дехар ду, Якъубан тІаьхье ша йолчохь ехаш хир ю, кІех а, керлачу чагІарх а дуьзначу махкахь, стигалшкара тхи охьаоьгучу лаьтта тІехь. Хьан цІе сайн вежаршна кхайкхор ю аса. Динан гуламехь Хьуна хастам бийр бу аса. Сан ког бу лаьтташ шерачу меттехь. Веза Эла декъалво аса динан гуламашкахь. «Чу а йоссий, чена тІе охьахаа, йоІстаг санна йолу Бавел-гІала. Олаллин гІантан метта, лаьтта тІе хаа, хашадхойн йоІ санна йолу гІала. Хьох кхин цкъа а эр дац ховханиг а, экамниг а. ТІаккха Іийсас элира Мареме: «Сацалахь, Сох кхин хьакха ма лолахь, хІунда аьлча Со хІинца а Сайн Да волчу хьала ца ваьлла. Сан вежаршна тІе а гІой, ахьа цаьрга ала: „Сайн Дена а, шун Дена а тІе а, Сайн Далла а, шун Далла а тІе хьалаволу Со“».
Выбор основного перевода