Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ткъа Шен цІе йоккхуьйтур йолчу а, шайн Везачу Дала шайн массо а тайпанийн меттигашна юкъахь схьакъастор йолчу а меттигна шу тІе а дерза, цига а дуьйла. ЯхІудан тайпа къобалдира Цо, Шена безабелла болу Цийон-лам а хаьржира. Кхорахьан тІаьхьенан назма. Везачу Элан цІийнан бух дезачу лаьмнашкахь бу. Якъубан тІаьхьенан массо а Іаш йолчу меттигал а Цийонан кевнаш Везачу Элана дукха деза. УьстагІий санна, кхиссалуш дара лаьмнаш, гунаш а дара, Іахарий санна, ирхлелхаш. ХІунда аьлча Везачу Эло Цийон хаьржина, цунах Шен хІусам ян лиъна Цунна. «Иза гуттаренна а Со Іийр волу меттиг ю, кхузара Аса паччахьалла дийр ду, хІунда аьлча и меттиг Суна езна.
Выбор основного перевода