Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Исраилхошна хьалха эмархой бохийтина, церан дегнаш чу кхерам тесира Везачу Эло. Исраилхойн эскаро ГавІонехь дукха мостагІий хІаллакбира. Юха, царна тІаьхьабевлла, Байт-Хьорон цІе йолчу лам тІе боьдучу новкъахула дІабахара уьш. Іазекхи а, Макхеда а цІераш йолчу меттигашка кхаччалц, хІаллакбеш, дІабигира цара эмархой. Веза Эла, Хьо, СеІирера ара а ваьлла, Эдоман аренгахула схьавогІучу хенахь, латта дегош дара, стигалш тІадамаш ледош яра, мархаш догІа Іенош яра. Лаьмнаш дегош дара Везачу Элана хьалхахь, ур-атталла хІара Синай-лам а бегабора Исраилан халкъан Везачу Далла хьалха. Абу-Малика шен халкъаца, Цалмун-лам тІе а ваьлла, дагарца кегийра гаьннаш а даьхна, уьш шен белшаш тІе а дехкина, халкъе вистхилира: «Шуна го аса динарг. Сихха аса диннарг де аша а». Ахьа царна пачхьалкхаш а, халкъаш а делира, царна гонахара долу, геннара латтанаш а тІехь дІадийкъира. Хьешбонарчу паччахьан Сихьонан латта а, иштта Башанарчу паччахьан ІовгІин латта а шайн дола даьккхира цара.
Выбор основного перевода