Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
хІунда аьлча Цо чов а йо, амма Цо дІа а йоьхку. Цо лаза а во, амма Цуьнан куьйгаша дарба а до. Хьайн гІайгІанаш Везачу Элана тІеяхка, ткъа Цо хьо чІогІа лоттуьйтур ву. Шен лаамехь верг Дала цкъа а дІасатоьхкуьйтур вац. Тхо кІелхьардохург волу Дела, Хьо жоп луш ву тхуна ларамах дузуьйтуш долчу паргІатдахаран гІуллакхаш дарца. Лаьттан массо а маьІІехь болчеран а, генарчу хІордашца болчеран а сатуьйсийла а Хьо ву. Ахь тхо гуре лацийтира, тхан ги деза маххьаш дехкира. Со шун Дела ву, Ас шун гІайгІа бийр бу, шу къандаллалц а, шун месаш къежъяллалц а. Ас кхоьллина ду шу, Ас шу карахь лелор ду. Ас шуна гІо а дийр ду, шу кІелхьар а дохур ду. Ткъа вайх хІоранна Дала леррина Къобалвинчунна дала лиъначу барамца Делан доккха дика делла дара. Цундела Делан Йозанаша боху: «Лакхенга хьала а ваьлла, Ша йийсар биначарна хьалхахІоьттира Иза. Адамашна Цо совгІаташ делира». Ткъа «хьалаваьллера» бохург кхин хІун ду, цкъа хьалха лаьтта тІе охьавеанера Иза бохург дацахь? Охьавеанарг а, Шеца массо а хІума дузархьама, массо а стигалел Лакхаваьлларг а Цхьаъ ву. Цо Ша дІахІиттийнера цхьаберш векалш бина, шолгІанаш пайхамарш бина, вуьш хаза кхаъ кхайкхорхой бина, кхинаш, Іуьно жа санна, динан тоба Іалашйийраш а, динан хьехамчаш а бина. Делан долахь берш кечбан дина дара иза, цаьрга Далла гІуллакх дайта а, Дала леррина Къобалвинчун дегІ дІахІотто а.
Выбор основного перевода