Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Буьзна хилларш, леш санна, къахьоьгуш бу, меца лелларш, буьзна, садоІуш бу. Бер ца хуьлуш йолчо ворхІазза бер до, ткъа дукха кІентий болуш хилларг синца эшна ю. Цо хиш хиллачохь яьсса аре дІахІоттайо, хин татолаш хилла меттиг, якъайой, дІа а йоккху. Бер ца хуьлуш йолчу зудчуьнан тидам бо Цо цуьнан хІусамехь, шен берех йоккхаеш йолу зуда Цо цунах йо. Везачу Элана бу хастам! халахетар хиллачарна гІо до, мецачарна кхача ло. Везачу Эло тутмакхаш мукъабоху, ЦІеххьана Везачу Элан малик а деана, набахтин чоь серлаяьккхира. Муьшка йина, Кипа сама а ваьккхина, малико элира: «ХьалагІатта сиха!» Цу сохьта Кипин куьйгаш тІера зІенаш охьаийгира. ЦІеххьана, ерриг а набахти меттах а хьовш, чІогІа мохк бегийра. Массо а неІ дІаеллаелира, массо а тутмакхийн гІоьмаш охьаийгира. Церан хІораннан Іодика а йина, тхо хІордкеманна тІе девлира. Ткъа уьш шайн цІа бирзира.
Выбор основного перевода