Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Йисина Іачу зудчунна а, байшна а зе ма де. Цо ларйо байлахь болчеран а, бисинчу зударийн а бакъонаш. Цунна тІевеанарг а веза, Цо даа-мала а, тІедуху хІума а ло цунна. Хьо Іаш волчу езачу меттера схьа а хьажий, декъалбехьа Хьайн халкъ долу исраилхой, декъалдехьа Айхьа, тхан дайшна чІагІо ма-ярра, тхуна схьаделла долу, шуьрех а, мазах а дуьзна токхе латта“». ХІетте а Хьуна дерриг а го, зуламан а, халахетаран а тидам бо, Іазап хьоьгуш берш а Ахьа Хьайн каралоцу. Къечо а ша Хьан кара дІало. Байлахь висинчунна а Хьо гІоьнча ву Байлахь висинчунна а, Іазап хьоьгучунна а Ахь нийса кхел йо, лаьттарчу адаме кхин цкъа а кхерамаш ца тийсийтархьама. Везачу Эло тІебаьхкина нах Іалашбо, буона а, йисна Іачунна а гІо до, харцо лелош болчеран некъ бухахьабоккху. Байлахь дуьтур дац Ас шу. ВогІур ву Со шу долчу.
Выбор основного перевода