Шаьш тІорказ новкъа доккхуш, Мусас олура: «ГІаттахьа, Веза Эла! ХІаллакьхуьлда Хьан мостагІий, Хьо ца везарш бовдийла Хьох!»
Хьан мостагІий, Веза Эла, хІаллакьхир ма бу, вонаш лелораш дІасалаьхкина хир ма бу.
ЧІогІа гІовгІа хезча, халкъаш дІадовдур ду. Хьо хьалагІаьттича, къаьмнаш дІасадаьржар ду.