Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьуна хьалха дерриг дуьне а охьатаьІа, цо Хьуна эшарш а лоькху. Хьан цІарна эшарш лоькху цо!» Ахьа олалла до карзахбаьллачу хІордана тІехь: цуьнан тулгІенаш хьалаюьйллушехь, Ахь уьш совцайо. Кхойкхучун аз хезаш ду: «Яьссачу аренгахь Везачу Элана некъ кечбе! Эрначу аренгахь нисде тхан Далла некъан тача! Везачу Эло элира: «Хьалаайина некъ богІа! Кеч а бе, дІа а нисбе некъ. ДІаяккха Сан халкъана хьалхара дуьхьало». Хишна оьгІазвахана те Хьо, Веза Эла? Хишна тІе йирзина те Хьан оьгІазалла? ХІордана дуьхьал яьлла те Хьан дералла? Цу бахьанина Хьайн дой хоьхку Ахь, Хьан толаман гІудалкхаш лоьхку Ахь?
Выбор основного перевода