Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХьалагІатта, Дебира, хьалагІатта! Хьайн назма дІаала! ХьалагІатта, Аби-НуІаман кІант Баракх, шайна йийсар динарш схьалеца! Веза Эла Шен дезачу цІа чохь ву, Цуьнан Іарш стигалшкахь ю. Цуьнан бІаьргаш массо а стаге хьоьжу, дІабиллинчу бІаьргашца Цо адамаш толлу. Даккхийдеран аьзнаш айадарца хьалаваьлла Дела, коьман маІа лоькхучохь хьалаваьлла Веза Эла. Иза бакъдолчух а, диканах а вуьззина волу дела, вай саццаза схьаоьцура Цуьнан дикалла. Иза а аьлла, церан бІаьргашна хьалха стигала хьалаваьхьна волу Іийса мархи юкъахь кхарна гучуьра къайлавелира. Делан Синах а буьзна, Цо шайна деллачу похІмица тайп-тайпана меттанаш дийца буьйлабелира векалш. Иштта Делан аьтту куьйга хьалаваьккхинчу Цо Дегара Шена лур ду аьлла Делан Са схьаийцира. Іийсас кхочушдира тахана шуна гуш а, хезаш а дерг. Кипас къамел дечу хенахь цо дуьйцучуьнга ладугІучарна массарна а тІе Делан Са доьссира. Кипица баьхкина сунтбина болу Делах тешаш берш инзарабевлла бара Делан Са кхечу къаьмнийн нахана тІедоссарх, хІунда аьлча царна хезнера цу наха тамашийна меттанаш дуьйцуш а, Дела хестош а. ТІаккха Кипас элира: ПохІманаш тайп-тайпана ду, ткъа уьш лург – цхьа Са ду. ГІуллакхаш тайп-тайпана ду, ткъа уьш дойтург – цхьа Веза Эла ву. Ницкъаш тайп-тайпана бу, ткъа дерриг а массарна а чохь дийриг – цхьа Дела ву. Амма Делан Са гучудаккхар хІоранна а луш ду, массарна а диканна хилийта. Цхьанна хьекъал долу дош ло Делан Синехула, ткъа оццу Синехула вукхунна кхетаман дош ло. Кхечунна оццу Синехула тешар ло. Ткъа кхин а цхьанна цу Сино адамаш тодан похІма ло. Вукхунна тамашийна гІуллакхаш дан ницкъ ло. Кхечунна Делера болу хаамаш бан похІма ло. Цхьаволчунна Делан Сино делларг жинаша деллачух къасто похІма ло. Цхьаболчарна Делан Синера долу тайп-тайпана тамашийна меттанаш ло. Кхечу цхьанна оцу меттанаша бохург гочдар ло. Ткъа и дерриг а оццу цхьана Делан Сино деш ду. Шена дала деза аьлла хеттачунна, схьа а хоржий, ло Цо уьш. Іийса сийсазвеш, Цунах тешарш хьийзош, царна ницкъ беш лелла волчу сох къинхетам бина Дала, хьалха со ца кхеташ а, Іийсах ца тешаш а хилла дела. Стигаларчу Іаршара айдина долу аз хезира суна. Цо бохура: «ХІинца Дела Іаш волу меттиг адамашна юкъахь ю! Дела цаьрца Іийр ву, ткъа царах Цуьнан халкъ хир ду. Церан Дела Ша и адамаш долчохь Іийр ву.
Выбор основного перевода