Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
КхозлагІчу дийнахь лома тІе юькъа марха йоьссира. Къекъаш стигал а яра, серладуьйлуш стелахаьштигаш а дара, хезаш уьстагІан маІан вуно онда аз а дара. Меттамотт болчохь долу адам чІогІа кхераделира. Берриг а Синай-лам кІуьро дІалаьцнера, Веза Эла цІергахь шена тІе воьссина дела. ЧІогІа бегош болчу цу ломах, пешара санна, кІур хьалаоьхура. Дерриг а халкъана стигалан къекъар а, цІеран алу а, кІур туьйсу лам а гора, уьстагІан маІан аз а хезара. И сурт гича, кхоьруш, генна а бевлла, хьоьжуш лаьттара нах. Веза Эла, Хьо, СеІирера ара а ваьлла, Эдоман аренгахула схьавогІучу хенахь, латта дегош дара, стигалш тІадамаш ледош яра, мархаш догІа Іенош яра.
Выбор основного перевода