Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьан Везачу Делан ю стигал а, уггар лакхара стигалш а, латта а, цунна тІехь мел дерг а. «Цхьа а вац Исраилан Делах тера мархашца Шен сийлаллехь а, стигалшкахула хьуна гІо лаца веана волчу. Даудан назма. Стигалан гуламехь берш, Везачу Элана хастамаш бейша! Везачу Элан сийлалла а, ницкъ а кхайкхадейша! Нуьцкъала а ду Везачу Элан аз, сийлахь а ду Везачу Элан аз. Хастам бу Везачу Элана! Хастамаш бе Шен дезачу цІа чохь волчу Далла, хастамаш бе Шен ондачу стигалшкахь волчу Цунна. Амма, бакъдерг аьлча, Іойла а дуй те Дела кху Лаьттахь? Стигала а, я стигалан лакхенашка а ца тарлуш волу Хьо, хІокху ас дІахІотийначу Хьан цІа чу-м тарлойла а дац. Каруб-маликашна тІе а хиъна, тІемавелира Иза, механ тІемаш тІехь дІавахара Иза. Сайн секхаІодах тешна Іаш вац со, сайн туьро а кІелхьар ца воккху со. Веза Эла царна тІехула гучувер ву. Ткъес санна, хецалур ду Цуьнан Іад. Хьалдолчу Эло коьман маІа екор ю, Иза къилберачу дарцашца дІаволалур ву. Цу Іаршах схьадетташ стелахаьштиг а дара, схьахезаш аьзнаш а дара, серладуьйлуш детташ ткъес а дара. ГІантана хьалха богуш ворхІ къуьда бара. Уьш Делан ворхІ Са ду.
Выбор основного перевода