Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дауда иштта муабахой а эшийра. Уьш лаьтта тІе охьа а бахкийтина, цхьана муьшаца церан барам билгалбаккхийтира цо. Шина муьшан барамехь берш байина дІабехира, ткъа кхозлагІчу муьшан барамехь берш дийна битира. Иштта, муабахой Даудан лай хилла дІахІиттира, кхунна ял а луш. Шамъална ца дезаделира цара шега паччахь дІахІоттаве алар. ТІаккха иза Везачу Эле доІа дан хІоьттира. Коканийн коьллашна кІел Іуьллу иза, уьшалийн шач юкъахь дІалечкъа. Цуьнан мерІуьргахула тІийраг чекхъяккхалур ярий хьоьга, я мехаца мочхалх Іуьрг даккхалур дарий? Алссам йолчу старгІанаша го бина суна. Башанерачу стерчаша го лаьцна сан. ХІордан саьрмик РахІаб, эшийнарг санна, хьаьшна Ахьа, Хьайн ондачу куьйгаца Хьайн мостагІий а дІасабаржийна Ахьа.
Выбор основного перевода