Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Бен-яманхойх лаьцна иштта элира: «Иза Везачу Элан уггар хьоме тайпа ду, кхерам боцуш Иза волчохь дехаш ду. Дийнахь сарралц Везачу Эло иза лар а до, Цуьнан куьйгаш тІехь и тайпа Іуьллуш а ду». Амма Забулан а, Напталан а халкъаша, шайн дахар ца кхоош, лаьмнашкахь тІом бира. Шаула элира: «Бен-Яманан тайпанах ма ву со. Исраилхойн тайпанашна юкъахь жимачарах ду иза. Цу тайпанна юкъара тхан гара уггар а жимаха ма ду. Ахьа иза соьга хІунда боху?» Хьалхалерчу заманахь Забул-мехкан а, Наптал-мехкан а латтанаш сийсаздахийтина хиларе терра, тІейогІуш йолчу хенахь хІордйистера некъ шена тІехь болу мохк – Йордан-хил дехьа болу мохк а, кхечу къаьмнех болчу нехан болу Галилай-мохк а – сий дина хир бу.
Выбор основного перевода