Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ахьа цуьнга ала: „Иштта боху Везачу Эло: ‘Стаг вен а вийна, цуьнан дех дисинчун лаьттан дакъа а хьайн дола даккха воллу те хьо?’“ – Кхин а ала цуьнга: „Иштта боху Везачу Эло: ‘Набутин цІийна жІаьлеша мотт хьаьккхначу меттехь, хьан цІийна а мотт хьокхур бу жІаьлеша’“». Паччахьан гІудалкх Шамранан Іома чохь йилира (цигахь сийсаза лела зударий а луьйчура). Ткъа цуьнан цІийна тІе жІаьлеша мотт хьаькхира, Везачу Эло ма-аллара. Бина бекхам шена гича, Делан лаамехь волчунна хазахетар хир ду. Цо Іесачун цІийлахь шен когаш буьлур бу. ГІалина арахьа лаьттачу муттдоккхурга чохь и кемсаш Іаьвдира. ТІаккха цу чуьра цІий охьадахара, говрийн дуьрстанашна тІе кхаччалц хьала а долуш. Иза кхо бІе чаккхарма хиллал гонах дІасадаьржира.
Выбор основного перевода