Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
АхІаронан йишас, Делера болу хаам бечу Марема, шен жима вота схьаийцира. Цунна тІаьххье, жима вотанаш схьа а эцна, баккхийберца, халхаршца арабевлира берриг а кхиболу зударий. Яптахь МицІпахь долчу шен цІа юхавирзира. Цунна гира, жиргІа а етташ, эшарш а лоькхуш, хелхарш а деш, дуьхьалйогІуш йолу шен цхьаъ бен йоцу йоІ. Цуьнан кхин я кІант а, я йоІ а дацара. Дауда пІелаштамхо эша а вина, эскархой цІа богІучу хенахь массо а Исраилан махкарчу гІаланашкара зударий шайн паччахь волчу Шаулна дуьхьал хелхаршций, эшаршций арабевлира. Церан карахь жиргІанаш а, дечиг-пондарш а дара. Ткъа Дауда а, массо а исраилхоша а Далла хьалха, шайн ницкъ мел бу эшарш а лоькхуш, тайп-тайпанчу дечиг-пондаршца а, жиргІанашца а, негІарш вовшахдеттарца а, турбанашца а мукъам балабора. Дауда левихойн баьччанашка омра дира, левихойн тайпанах илланчаш дІахІиттабе аьлла, мукъам балочу гІирсашца – мерз-пондаршца а, дечиг-пондаршца а, вовшахдеттачу негІаршца а – иштта айдинчу озаца а цаьрга иллеш алийтархьама.
Выбор основного перевода