Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха дуккхаммо а Ярушалайме Везачу Элана лерина совгІаташ а, яхІудхойн паччахьна еза хІуманаш а еара. Цул тІаьхьа массо а къаьмнашна хьалха хьаладелира Хьузакх-ЯхІун сий. Таршашан а, хІордаца дозуш долчу мехкийн а паччахьаша цунна йолана хІума яхьар ю. Шеба-мехкан а, Себа-мехкан а паччахьаша а цунна совгІаташ дахьар ду. Паччахь дукха вехийла! Шеба-махкара деши цунна лойла. Массо а хенахь цунна тІера доІанаш дойла. Дийнахь сарралц иза декъал а войла. Цу хенахь массо а ницкъийн Везачу Элана лерина сагІа доккхур ду лекхачу а, шера чкъор долчу а халкъо. Оцу къомах массанхьа а кхоьруш бу. Къизачу цу халкъо шен мостагІий хьоьшу. Цуьнан мохк хиша цистина бу. Цийон-лома тІехь, массо а ницкъийн Везачу Элан меттехь, дохур ду и сагІанаш. Эмкалийн ковранаша дІалоцур ду хьан латта, къона эмкалш хир ю Маданера а, Іейпера а яьхкина. Уьш ерриш а Шеба-махкара, деши а, хаза хьожа йогІу хьакхарш а дахьаш, йогІур ю. Везачу Элан сийлахь гІуллакхаш кхайкхор ду схьабаьхкинчу наха.
Выбор основного перевода