Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Сакхат цІе йолчу меттера дІа а бахана, яьсса аре чекхйолучохь, Атам цІе йолчу меттигна уллохь севцира уьш. Веза Эла царна хьалхаваьлла воьдуш вара. Царна некъ гойтуш, дийнахь марханех хиллачу бІогІамна юкъахь вогІура иза, буьйсанна – цІеран бІогІамна юкъахь, царна серло а луш, уьш дийнахь а, буса а дІабахийта. тІаккха цара цу лаьттарчу бахархошка дуьйцур ду. Ткъа цу нахана хезна, Хьо исраилхошна юкъахь ву а, Ахьа Хьо царна юьхь-дуьхьал гойту а, Хьо дийнахь мархин бІогІамна юккъехь, буьйсанна цІеран бІогІамна юккъехь вогІу а аьлла. Дебирас Баракхе элира: «Тахана Везачу Эло Сисра эшо ницкъ лур бу хьуна. Вало, Веза Эла хьуна хьалхаваьлла хир ву». Баракх, шеца итт эзар стаг а волуш, Табур-лам тІера охьавоьссира.
Выбор основного перевода