Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ахь латта Іалаш а до, цунна хи а латтадо, иза токхе а хуьлуьйту Ахь, тІехъюьзна йолу хин Іовраш а луш. Ахь адамашна ялта кхуьуьйту, Айхьа латта оцу гІуллакхна кхоьллина дела. Ахь лаьттан хершнаш хих а дузу, гІорзанаш дІа а шарйо, догІанан тІадамашца латта кІад а до, цу тІехь мел яьлла хІума декъал а йо. Везачу Эло Мусага элира: «Ас стигалара охьа ялта доуьйтур ду шуна. Нахе, ара а бовлий, хІора дийнахь шайна цхьана денна тоъал иза гулде ала. Айса тІедиллинарг цара кхочушдой хьожуш, уьш зуьйр бу Ас. Ткъа шу шайн дола даккха тІедоьлху и латта лаьмнаш а, тогІеш а йолуш ду. Оцу лаьтто стигаларчу догІанийн хи молу. лакхара вайна тІе Делан Са доссийтталц. ТІаккха яьссачу аренах беш хир ю, беш хьун санна хир ю. Ас хи доссор ду хьогах долчу лаьттана, татолаш хоьцур ду екъачу аренашка. Ас Сайн Деза Са хьан берашна тІе доссор ду, Сан декъалдар хоьцур ю хьан тІаьхьенашка. «Цул тІаьхьа иштта хир ду: Аса Сайн Синан Іаь тухур ю дерриг а адамна тІе. ТІаккха шун кІентий а, мехкарий а, шайга пайхамаралла а доьссина, Делера болу хаамаш беш хир бу. Шун баккхийчарна Делера долу гІенаш гур ду. Ткъа кегийнаш Делера долу тамашийна суьрташ дуьхьалхІуьттуш хир бу.
Выбор основного перевода