Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Лаьмнаш, балоз санна, дешаш ду Везачу Элана хьалха, дерриге а дуьненан Хьалдолчу Элана хьалха. Харцо цІерах тера ю, цо, марсйолуш, коканан а, кІохцалан а коьллаш ягайо, юха луьстачу хьуьна юккъе кхочу иза, кІур стигала хьала а болуьйтуш. И бахьана долуш уьш Іуьйренан дохк санна а, хьалххехь дІадолу тхи санна а хир бу, хьаьттара мохо дІахьоькху ялтин нехаш санна а, биргІанан чуьра хьалаболу кІур санна а. Цунна кІелахь лаьмнаш дешар ду, цІергахь лела балоз санна, уьш тогІеш чу текхар ду, гуна тІера охьадогІу хи санна.
Выбор основного перевода