Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьажал хІинца, веккъа Со Дела хилар, Со воцург кхин цхьа а Дела ца хилар. Ас долуьйту, Ас дендо, Ас чов йо, Ас тобо, Сан куьйгах цхьаьнгге а кІелхьардахалур дац. Везачу Эло вен а воь, чу са а кхуллу, стаг Іожалле дІа а хьажаво, веллачуьра ден а во. Эхартан олаллех паргІатдоккхур ду сан са, Дала билггал кІелхьарвоккхур ву со. Ахь валарх кІелхьарваьккхи со, сан когаш совцучуьра ларби, дахар лучу серлонгахь Далла хьалха со лелийта. Со ву дийна Верг. Со велла вара, амма хІинца Со ерриг а тІейогІучу заманна дийна ву. Сан карахь ду Іожаллин а, эхартан а догІанаш.
Выбор основного перевода