Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Мусага а, АхІароне а схьа а кхайкхина, пирІуно элира: «ХІинца ас къа латийна. Веза Эла бакъ ву, ткъа со а, сан халкъ а бехке ду. Исраилан халкъан Веза Дела, Хьо нийса велахь а, тхох цхьадерш таханлерчу дийне тІекхаччалц дийна дисийтира Ахь. Тхо бехке ду, ткъа тхайна тІера бехк бахьана долуш, тхох волу цхьа а стаг Хьуна хьалха латта йиш йолуш ма вац!» Цул тІаьхьа Хьо Синай-лам тІе охьавоьссира. Стигалара охьа къамел дира Ахьа цаьрца. Царна нийса тІедехкинарш а, бакъболу товрат-хьехамаш а, дика парзаш а, весеташ а дІаделира. Веза Эла дика а, нийса а ву, вайн Дела къинхетаме ву. Веза Эла, аса гІуллакхна Хьан кхеле кхайкхахь, Хьо массо а хенахь бакъ ву. Делахь а, харцонах лаьцна хатта лаьа суна: Іесачеран аьтто хІунда боккху церан некъашкахь? Дерриг а тешаме боцу лелачеран синтем хІунда хуьлу? Хьалдолу Эла, Ахьа нийсо ма лелайо. Ткъа тхо, яхІудхой а, Ярушалайм-гІалин бахархой а, массанхьа а бехаш болу исраилхой а юьхьІаьржачу хІиттина. Тешаме а ца хилла, Хьайх дІадерзаре терра, Ахьа дІасалаьхкина тхо юххерчу а, генарчу а мехкашка.
Выбор основного перевода