Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хин Іоврех хьоьгуш болу сай санна, сан са а ду Хьох хьоьгуш, Дела! Делах хьоьгу сан са – дийна волчу Делах. Маца дІавахалур ву те со, Далла уллохь а волуш, Цунна Іибадат дан? Сан са цига кхача лууш ду. Везачу Элан цІийнан керташкахь хила сан са хьаьгна а ду. Самукъа а даьлла, сан дог а, сан дегІ а дийна волчу Деле кхойкхуш ду. qac Шqac*еко йоцуш, Ахь кІелхьарваккхаре дегайовхо ю сан, Веза Эла, Хьан весеташ а кхочушдо ас.
Выбор основного перевода