Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло белла хьехам билггала нийса бу, цо синан чІагІо йо. Везачу Эло дІадиллинарг а тешаме ма ду, Цо хьекъална кІоргге волчунна а хьекъалалла ло. Везачу Элан омранаш бакъахьара ду, цара дог айадо. Везачу Элан весет сирла ду, цо бІаьргаш серладоху. Уьш яздина ду боданечу нахана хьекъал далархьама а, ткъа къоначийн дика-вон къасто таро хилийтархьама а. Хьан ден-ненан весеташ – хьуна некъ гойтуш йолу серло ю. ТІехтохаман нисваро дахаран новкъа воккху хьо. ТІаккха Іийсас элира: «Аса сий до Хьан, Сан Да, стигаллий, латтий карахь долу Веза Эла, хьекъалчеххий, Іилманчеххий и хІума къайла а даьккхина, бер санна, догцІеначарна Ахьа иза дІаделларна.
Выбор основного перевода