Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Со бахьана долуш паччахьашний, элашний тІе а дуьгур ду шу. Царний, кхечу къаьмнех болчарний хьалха тоьшалла дан а дезар ду шун, шу Сан мурдаш болу дела. Шаьш дІалаьцначул тІаьхьа, хІун эр ду техьа оха бохуш, гІайгІане а ма хила, хІунда аьлча шуна дІаделлалур ду, хІун ала деза. ТІаккха АгІарипа-паччахьо элира ПахІале: «Къамел дан мегар ду хьуна», – аьлла. ПахІала, куьг хьала а айина, ша бехказавоккхуш къамел дира: «Паччахь АгІарипа! Жуьгташа сайна дуьхьал дуьйцучунна тахана хьуна хьалха сайн бехказавала аьтто хиларна со ирс долуш хета суна, Дала леррина къобалвинчу Іийсан лай волчу, Цуьнан векал хила Дала тІекхайкхина волчу, адамашна хаза кхаъ дІакхайкхабайтархьама Дала къастийна волчу аса, ПахІала, яздо хІара кехат.
Выбор основного перевода