Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Эли-ЯхІу-пайхамаро, дерриг а халкъана хьалха дІа а хІоьттина, элира: «Шу дукха лелар дуй те шинна а когана астагІа лелхаш? Нагахь санна Веза Эла Дела велахь, Цунна тІаьхьахІитта. Ткъа Иза БаІал велахь, цунна тІаьхьахІитта». Халкъо цхьа а дош ца элира цуьнга. ДІадовла уллора, харцонаш лелораш, хІунда аьлча дІахезна Везачу Элана сан велхаран узарш. ХІумма а боцучу цІуйн сийдийраш бІаьрга бан а ца беза суна, ткъа со Везачу Элах тешна Іаш ву. Телхина ойланаш ас дага чуьра дІахерйийр ю. Вон хІуманаш суна девзар дац. qac Еqac*рриг а сан ойланашца суна уьш дезарна, Хьан весетех сакъералуш ма ву со. Шалха ойланаш йолу стаг ма ву иза, ша дечу хІуманна тІехь чІагІо а йоцуш.
Выбор основного перевода