Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
qac Бqac*акъдолу Хьан дош суна диц ца ло, мелхо а, Хьан парзех со воккха а воь. Вай массо а тиладелла уьстагІий санна дара, хІора а шен-шен новкъа тІевирзина вара. Амма Везачу Эло дахкийтина Цунна тІе вайн массеран а къинош а, бехк а. Шуна муха хета? Шен бІе уьстагІ берг, царна юкъара цхьа уьстагІ дІакъаьстича, бисина болу безткъе ткъайоьсна уьстагІ шаьш болчохь лам чохь а битина, и дІакъаьстина уьстагІ лаха гІур вац? «Мила ву шух, шайн бІе уьстагІ юкъара цхьаъ байча, важа безткъе ткъайоьсна эрна арахь а битина, байнарг лохур боцуш, иза карабаллалц? Цхьана хенахь, тиладелла уьстагІий санна, лелла шу, ткъа хІинца шу шайн синойн Іуьнна а, шаьш Іалашдечунна а тІе юхадаьхкина.
Выбор основного перевода