Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло белла хьехам билггала нийса бу, цо синан чІагІо йо. Везачу Эло дІадиллинарг а тешаме ма ду, Цо хьекъална кІоргге волчунна а хьекъалалла ло. qac Бqac*акъдолу Хьан дош суна диц ца ло, мелхо а, Хьан парзех со воккха а воь. qac Зqac*аза доккхуш санна, Хьан чІагІоно со денвар – иза сан догъэцар ду, со баланехь велахь а. Хьан дешнаш соьга схьакхечира, аса уьш сайн кийрахь дІадехкина. Оцу дешнаша со ирс долуш вина, сан дага чохь самукъадалар а кхоьллина, хІунда аьлча со Хьан долахь ма ву, массо а ницкъийн волу Веза Дела!
Выбор основного перевода