Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цо уьш цига дІабигира. Іамалекхахой цу меттигехула дІаса а баьржина, дууш, молуш бара, пІелаштамхойн махкара а, ЯхІуд-махкара а шайна караеана йолчу йоккхачу хІонсах баккхий а беш. Везачу Элана Іамалъейша кхерарца, даккхийдейша шайн дегнаш дегорца! Веза Эла, Ахь дебийна и халкъ, Ахь алсамдаьккхина цуьнан хазахетар. Хьуна хьалха, ялта чудерзош санна, хІонс йоькъуш санна, самукъадолуш ду иза. Хьан дешнаш соьга схьакхечира, аса уьш сайн кийрахь дІадехкина. Оцу дешнаша со ирс долуш вина, сан дага чохь самукъадалар а кхоьллина, хІунда аьлча со Хьан долахь ма ву, массо а ницкъийн волу Веза Дела!
Выбор основного перевода