Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Якъуба жоп делира: «Со дуьнен чохь лела бІе ткъе итт шо ду. КІезиг а, къаьхьа а хилла сан дахаран шераш, сан дай дуьнен чохь леллачу хене дІа ца нисвелла со». ХІунда аьлча Хьуна хьалха хан яккха даьхкинарш ду тхо, кхелхина лелаш долу, тхайн хилла болу дай санна. ДІадолуш долу ІиндагІ санна, ду тхан кху лаьттара денош, тІаьхьало йолуш хІумма а дац кхузахь. Веза Эла, сан доІа дІахазахьа, сан узарийн тергам бехьа. Сан бІаьрхишна дуьхьал жоп ца луш ма Іехьа. ХІунда аьлча со кхузахь Хьан хьаша санна ву, сан берриге а дай санна, со тІевеанарг а ву. Цундела тхо массо а ханна тешам болуш ду, цІенош санна долчу оцу догІмашна чохь а долуш, Везачу Элана уллохь долчу тхайн керлачу цІеношна генахь хилар тхаьшна хуъушехь. Уьш берриге а, тешар а долуш, белла, лур ду аьлларш схьа а эцаза. Амма царна и хІуманаш геннахь гина, уьш царах баккхийбеш хилла. Цара шайх лаьцна аьлла, шаьш девлла леларш а, тІедаьхкина нах а ду лаьтта тІехь.
Выбор основного перевода