Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
qac Кqac*qac ъqac*аьхьа бала хьегар дика дара суна, цу бахьанина суна Хьан парзаш Іемина дела. Суна билггал хезна Эпрайман халкъ леткъаш: „Аьрха эса санна, со нисдина, Ахь со кара ма Іамийнера! ХІинца со юхадерзадехьа, тІаккха со Хьуна тІе юхавоьрзур вара, хІунда аьлча Хьо сан Веза Дела ву. Хьох дІадирзинчул тІаьхьа, со дохко а даьлла. КараІамийначул тІаьхьа некха тІе куьйгаш деттара ас, хІунда аьлча юьхьІаьржачу а хІиттийна, со сийсаздинера, айса жимчохь летийна къинош бахьана долуш“. Со Сайн метте дІагІур ву, шаьш бехке хиларх а кхетта, Сан юьхь цара схьалаххалц. Хала киртиг шайна тІехІоьттича, Со леха уьш арабевр ма бу». Вукхара шайна дика хетачу агІор кІезигчу ханна таІзар дора вайна, ткъа Кхо – вайна пайда хилийта, вайга Шен возаллехь дакъа лацийта до. Карарчу хенахь муьлххачу а таІзаро самукъадалар ца дахьа, сингаттам бен. Делахь а тІаьхьа цуьнгахула нисбеллачара машаре а, Делан лаамехь а долчу дахаран стом буур бу. Гой шуна! Аьшпаш а буттуш, шаьш боццушехь, жуьгти ду бохуш болу иблисан гуламах берш Ас шуна хьалха дІахІиттор бу, шун когашка уьш охьа а тоІуьйтуш. Хуур ду царна, Суна шу дезийла.
Выбор основного перевода