Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Веза Эла, сох доллург талла а таллахьа, зен а зехьа. Сан кийрахь а, даг чохь а долчуьнга хьажахьа. Дела сан гІоьнча ву. Везачу Эло дог чІагІдо сан. Ирс долуш ву шен гІоьнча Якъубан Дела верг, шен Везачу Делах бІобулуш верг. Оцу сатийсаро дог доьхна ца хуьлуьйту вай, хІунда аьлча Ша вайна деллачу Шен Синца вайн дегнаш чу Дала Шен безам Іанийна. Делан Йозанашкахь яздина ма-хиллара: «Ас Цийон-лам тІехь охьабуьллу адамаш тасалур болу тІулг а, нах галбовлуьйтур йолу тарх а. Ткъа муьлхха а Цунах тешаш верг юьхьІаьржачу хІуттур вац». Делан Йозано боху: «Муьлхха а Цунах тешаш верг юьхьІаьржачу хІуттур вац».
Выбор основного перевода