Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Суна хезира – сан чуьйраш хьовзийра. Цунах лаьцна кхаъ хезча, сан балдаш дегийра, сан даьІахкех лазар кхийтира, сан когийн кІелара латта дегадо. Амма со собарца хьоьжур ву, тхуна тІелеттачу халкъана тІе догІучу бохаман дийне. Ас эр ду шуьга хьанах кхера веза: шу кхера деза стеган са схьа а эцна, иза жоьжахатин цІерга кхосса ницкъ Болчух. Билггала боху шуьга, Цунах кхера! И дешнаш хезча, Хьанас, охьа а воьжна, велира. ЧІогІа кхерам тесира и хезначийн массеран а кийра.
Выбор основного перевода