Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Сан коьртах хин хьоста хилла делара, сан бІаьргех хин шовда хилла делара! Дийнахь а, буса а воьлхур вара со, сан хьомечу къомах хІаллакбинчарна. Наха элира: «Сихха схьа а баьхкина, цаьрга вайна тІаьхьа тийжар хІоттадайта, вайн бІаьргийн негІарийн чоьш тІера бІаьрхиш охьаэхийта, юьхь тІера хин тачанаш охьаэхийта». ХІара Сан дош цаьрга дІакхачаде: „Дийнахь а, буьйсанна а, ца соцуш, Сан бІаьргаш хих бузийла, хІунда аьлча Сан хьомечу къомана чов йина Сан йоІстаг йолчунна боккха бохам баьлла. Цо элира: «Ярушалаймехула дІа а гІой, гІалахь мел лелош долу дегаза хІуманаш бахьана долуш гІайгІа еш, узарш деш болчу нехан хьаж тІехь билгало е». Халахета, делха, тийжа. Шун деларх делхар хуьлийла, хазахетарх сингаттам хуьлийла.
Выбор основного перевода