Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Яздина ма ду: «Далла хьалха цхьа а бакъ вац. Цхьа а кхетам болуш а вац, цхьа а Дела лоьхуш а вац. Массо а адамаш Делах дІадирзина, берриш а галбевлла бу. Цхьа а диканиг дийриг вац, ур-атталла цхьаъ-м вац. Церан къамкъаргаш дІаделладелла $кешнаш санна ю. Шайн меттанашца нах лебо цара. Лаьхьарчийн дІовш ду церан багахь. Церан баганаш сардамех а, стимах а юьзна ю. ЦІий Іано уьш сиха арабовлу. Цара шаьш баханчохь бохам а бо, хІаллакдар а дахьа. Машаран некъ ца бевза царна. Церан бІаьргаш чохь Делах кхерар дац». Ткъа хІинца вайна хаьа, товрат-хьехамаша хьоьхург хьехамийн долахь болчарна а дуйла. Цундела цхьаннан а бехказаволийла дац: массо а адамаш – жуьгтий я кхечу къаьмнех уьш белахь, Далла хьалха бехке хуьлу.
Выбор основного перевода