Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло АхІароне элира: «Церан долчух цхьа а тайпа лаьттан дакъа а хир дац хьан, цигахь латта а хир дац хьан долахь. Лаьттан декъан метта Со хир ву хьан, исраилхошна юкъара хьан дакъа хир ду Со. Шайн дайшка а, наношка а хьежаран метта, шайн вежарий лараран метта, шайн бераш довзаран метта, левихоша Хьан дош лар а дина, Ахь бина барт Іалаш а бина. Суна кхочу дакъа а, сан хинболу кхоллам а, Веза Эла, Хьо ву. Сан бала беза кхаж а Хьан карахь бу. Амма Якъубан тІаьхьенан Дела иштта вац, хІунда аьлча Иза массо а хІуманан Кхоллархо ву, ткъа Исраилан къам Цуьнан долахь дерг ду. Цуьнан цІе – массо а ницкъийн Веза Эла ю. qac Зqac*ийна долчу сан сино боху: «Веза Эла сан дакъа ду, цундела Цунах а тешна со Іийр ву!»
Выбор основного перевода