Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьан куьйгаша кеп йина а, кхоьллина а ма ву со, кхачаме а, цІенна а, ткъа хІинца хІаллак хІунда во Ахьа со? ДІахаалаш, Веза Эла – Дела вуйла. Вай кхоьллинарг Иза ву, вай Цуьнан долахь а ду. Вай Цуьнан халкъ а ду, Цуьнан дежийлашкара уьстагІий а ду. qac Дqac*овзийтахьа суна Хьайн товрат-хьехам, со цунна муьтІахь хир вара. Сайн доллучу даггара и хьехам ас ларбийр бара. Лохьа суна, Веза Эла, Айхьа лур ду аьлларг, Хьан безаман доза ма дац. Хьайн куьйго кхоьллинарг ма дитахьа, Веза Эла! Ас хастам бо Хьуна, инзаре тамашийна Ахь со кхолларна. Хьан гІуллакхаш тамашийна ду. Сан синна иза чІогІа дика хаьа.
Выбор основного перевода