Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Сан Везачу Дала сайна тІедиллина ма-хиллара, Цуьнан парзаш а, тІедехкинарш а довзийтина ас шуна, шайн дола баккха шу тІедоьлхучу оцу махкахь шуьга и хьехамаш кхочушбайтархьама. Уьш лар а бе, кхочуш а бе, хІунда аьлча цунах кхечу халкъашна гур ду, шун хьекъалалла а, кхетамалла а дуйла. И массо а парзаш шайна дІахезча, цара эр ду: „ЭхІ, хІара сийлахь къам ма хьекъале а, кхетаме а халкъ ду!“ Везачу Эло белла хьехам билггала нийса бу, цо синан чІагІо йо. Везачу Эло дІадиллинарг а тешаме ма ду, Цо хьекъална кІоргге волчунна а хьекъалалла ло. Везачу Элан омранаш бакъахьара ду, цара дог айадо. Везачу Элан весет сирла ду, цо бІаьргаш серладоху. Везачу Элах кхерар цІена ду, иза абаделлалц ду. Везачу Элан кхелаш билггал бакъ а ю, уьш нийса а ю.
Выбор основного перевода