Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цо гІо доккхийла хьоьгахьа Шен цІа чуьра, Цийон-лам тІера хьо чІагІвойла Цо. Со, хи санна, Іана вахана. Ерриг а даьІахкаш вовшахъевлла сан. Дог, балоз санна а хилла, кхерамна кийрахь дешна дІадаьлла сан. Хинкеманаш стигала хьала а дахара, юха а кІоргачу хи чу охьа а ийгира. Кеман чохь болчеран дегнаш шелделира. Массо а диканиг Шеца долчу Дала кхайкхина шуьга Дала леррина къобалвинчу Іийсаца цхьаьна Шен хедар доцу сийлалла декъа. КІеззиг йолчу хенахь баланаш аш лайча, Цо шу нийсачу новкъа дохур ду, шуна чІагІо а, ницкъ а, довр доцу доьналла а лур ду.
Выбор основного перевода